Къола дарна мукIарло дина ТIехьа-Мартанан кIоштарчу вахархочо

Гайтаман сурт.

Ша зулам дина хиларна къера хила Соьлж-ГIаларчу полицин рогIехь хьал тергалдечу декъе веана ТIехьа-Мартанан кIоштара вахархо. Цу стага полисхошка мукIарло дина ша Соьлж-ГIалахь къола дина хиларх лаьцна.

Цо дийцарехь, Дечкен-беттан 28-чохь Химзаводская урамехь чохь стаг а воцуш лаьттачу машенан чуьра лачкъийна цо 262 эзар сом.

Къола дар хьокъехь дIахьош таллам хиларх лаьцна хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо.