Юкъарчу хIусамера араяьккхинчу зудчо шена гечдар дехна

Юкъарчу хIусамера бертаза араяьккхина ша аьлла, Iедалхошка арздинчу Магерамова Малида нохчийн телевизионан эфирехь шена гечдар дехна. Цуьнан гергарчарна тIедиллина, тховкIелонца йолу цуьнан проблемаш ерзор.

Ноьвран-кIоштарчу яхархочух сюжет гайтира "Грозный" телеканалан керлачу хаамийн программехь оршотдийнахь. Мобилан телефонца яьккхинчу видео тIехь Магерамовас латкъамбо, Соьлжа-ГIаларчу юкъарчу хIусамера ша араяккхарна.

"Сайн хIусамчуьра араяьккхина со ши кIира а ду учахь хиина Iаш йолу", - боху зудчо. Телесюжетан авторша дуьйцу, 2011-чу шарахь дуьйна гIаличуьрчу юкъарчу хIусамехь ехаш яра иза, амма кхелан сацамца цу чуьра араяьккхина хиллера бохуш.

Маршо Радионо яздира, дахначу шеран ГIадужу-баттахь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьаькамашна тIедилларх, юкъарчу Iойленашкахь талламаш а бай, маьхза хIусамашка сатуьйсучийн тептаршкара оцу гIишло чохь хила йиш йоцурш арабаха аьлла.

Цо бахарехь, тахана Соьлжа-ГIалахь тховкIело йоьхучу 19800 стагах 20 эзар аферисташ бу. Оццу дийнахь дIадолийра Соьлжа-ГIалара а, Гуьмсера а, Хьалха-Мартанара а юкъара хIусамаш таллар.

"Кавказан узел" агенталле меттигерчу бахархоша латкъамаш бинера, шайн гергара нах цхьа кехат а ца гойтуш хIусамашкара арабохуш бу аьлла.

Магерамова Малидин 8 бер ду, цуьнан цхьана а кIентан яц шен долахь хIусам.

"Хьайца харцо лелийна, хьан цхьа а вац гIо дан ма бохура ахь. 8 бер ма ду хьан", - бохуш, бехкаш доху эфирехь зудчуьнгара. Ишта бехкбаьккира Iедалхоша зудчун кIенташкара а, ненан дола ца дарна. Эххар а ша дохкояьлла, шена къинтIера довлар дийхира Магерамовас.