Карабулакерчу почтана тIелатар динарш карабаьхкина

Хадархочунна чевнаш еш, ГIалгIайчуьрчу Карабулакан почтана къоладархьама герзашца тIелатар дина аьлла, шеконашца пхи стаг дIалаьцна полсихоша.

Маршо Радионо хааме даьккхира, почтера 400 эзар сом а хьош, хадархочунна чевнаш еш, кху беттан 8-чохь хиллачу инцидентех.

Росгвардин эскархойн гIоьнца дIалаца аьтто баьлла пхи стаг аьлла, хаамбина ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан сайтехь.

"Уьш бехачу хIусамех хьоьвсинчул тIаьхьа, тоьшаллаш карийна, дуьйцу тIелатар цара дина хиларан", - яздо мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло шайн сайтехь а.