ХIора шарахь 100 эзар бер ле тIемаш лаьттачу пачхьалкхашкахь

Дуьненаюкъарчу Save the Children организацино пIераскандийнахь арахецначу рапортехь хаамбо, лаьтта тIехь 420 миллион бер тIеман конфликташ лаьттачу зонехь дехаш ду аьлла. Уггар кхерамечу 10 пачхьалкхашлахь билгалъяьккхина Шема а, Юккъера Африка а. ХIора шарахь цигахь леш ду 100 эзар сов бер.

1990-чу шерийн юьххьехь и терахь шозза лахара дара, яздо документан авторша. ОвхIанистанехь, Йеменехь, Къилба Суданехь, Юккъерчу Африкехь, Конгохь, Шемахь, Иракъехь, Нигерехь, Сомалехь, Малихь 2013-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц делла, мел лахара а, 550 эзар бер, яздо Save the Children гуманитаран организацино.

Мацалла, йоьхна инфраструктура, дарбан хIусамаш, антисанитари, лоьрийн къоьлла – хIорш ду кегийрхой баларан бахьанаш аьлла, охьаяздина Save the Children организацино.