Байкал ларбийр бу Кадыровн суьрто

Кадыров Рамзан.

Байкал Iам ларбан гIертачу жигархоша шайн кхайкхам тIехь болу баннер оьллина, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан сурт тIехь а долуш. Чиллан-беттан 20-чохь хиллачу зорбанан конференцехь Кадыровн суртах шаьш пайда хIунда эцна дийцина Иркутскерчу «Экозащита 365» юкъараллан куьйгалхочо Букалов Дениса.

"Нагахь оха "Путин, ларбехьа Байкал" баннер оьллина хиллехь, президенте а, федералан Iедале а тхан ларам белахь а, цхьаммо тIе тидам бохуьйтур бацара цунна. Путине кхайкхамаш бо хIора денна. Оха иза дира адамийн коьртачохь меттахдаккха: "ХIунда Кадыров" бохург, хаам бина Букаловс.

Цо иза дуьйцуш экрана тIехь яздина хилла "Кадыровс ша патриот а, Оьрсийчоьнан хьашташ лардархо а санна гойтуш ву" аьлла.