Таджикистанерчу эшархочо йиш яьккхина Кадыровна

Кадыров Рамзан.

Таджикистанера эшархочо Курбанханов Толибджона рэп лекхна Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран "тешаме накъостан" Кадыров Рамзанан сий деш.

"Керла йиш „К. Р. А.“ – ас ларар ду Оьрсийчоьнан турпалохо", - яздина Курбанхановс YouTube-хь ша йиш дIахIоттош.

Иза шуьйра йийцаре еш ю YouTube-хь. Дукхаха болчара шаьш реза ца хилар гойту эшархо Кадыров хестош хиларна.