Депортаци лайна нохчий а, гIалгIай а дагалоцуш вистхилла Темрезов

Темрезов Рашид.

Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида дIахьедар дина, махкахдаьхначу шерашакахь кIоршаме харцонан баланах чакхдовла нохчийн а, гIалгIайн къаьмнашна гIо динарг онда са а, доьналла хилар а, сирлачу кхане тешам а хилар дара аьлла.

Нохчий а, гIалгIай а махкахбаьхна 75 шо кхочуш леррина вистхилар арахецна Темрезовс харцонан баланах чекхбевлларш дагалоцуш. "Депортацера цIа ца баьхинчеран сирла эс ду вайца", - яздина Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Instagram-хь.