Хьарамло лелийначу зудчун кхел йина Нохчийчохь

Кхеле озийнарг ю Соьлж-ГIалара яхархо У. Хьава. Цунна бехке диллинарг дара хьарамлонца ахча даккхар.

Талламхойн версица, 2017-чу шарахь "Къона доьзал" программа кхочуш еш ахча эца аьтто бийр бу ша аьлла шина зудчуьнгара эцна хилла цо цхьангара 58 эзар сом, вукхуьнгара 20 эзар сом. Соьлж-ГIаларчу Октябран кIоштан кхело бехке лаьрра иза хьарамло лелорна.

У. Хьаван жима ши бер хилар а, цо ахча юхадерзийна хилар а тидаме эцна арахь яьккха 1 шо 6 бутт хан кхайкхийна цунна. Кхелан сацам болх бан болабелла.