Эстемирова ер талларе кхайкхина Amnesty International-о  

Нохчийчоь -- Эстемирова Наталья, Итон-Кхаьллан кIошт. 2016, Мангалан-бутт.

Чиллан-беттан 28-чохь 61 шо кхаьчна бакъонашларъярхо Эситемирова Наталья ер 10 шарахь эвсаре теллина цахилар дагадаийтина дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран Amnesty International вовшахтохаралло. "Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхо йийра муьлш бу ца хуучу наха Соьлж-ГIалахь дийнан делккъехь 2009-чу шарахь Мангалан-беттан 15-чу дийнахь.

Эстемироваца даима а Iиттабелла бара Нохчийчуьра Iедалан буьйранчаш а, эскарийн куьйгалхой а, цо цаьргара дуьйлу гIалаташ а, зуламаш а кест-кеста Iорадохуш хиларна. Массех верси яра иза еран, амма цкъачунна теллина даьлла дац дов.

Amnesty International бакъонашларъяран вовшахтохаралло дIахьедар дина, шаьш нийсо лоьху Эстемирова ер хьокъехь толлучу бехктакхаман гIуллакхехь аьлла.