Нохчийчохь лаьтта бухара кхо бомба яьккхина

Орцан министраллан пиротехникан зерашца, Гуьмсан, Куьршалан, Хьалха-Мартанан кIошташкахь авиацин кхо бомба зеназа йина. Дийцарехь 20 шарахь лаьтта бухахь Iиллина и лоьлхуьйтурш. Меттигерчу бахархошна хааеллера уьш. Ростов гIалара говзанчаш а кхайкхина, территореш дIацIанъеш белхаш бира. Полигоне дIа а яьхьна, хIаллакйина яьхна бомбанаш.

Товбеца-баттахь а даьккхира Нохчийчохь иттех шерашкахь лаьтта бухахь Iиллина герз. ГIаттамхойн тобанаша куп тоьхна хиллачу меттигашкахь талламаш бечу хенахь махкарчу къайлахчу сервисийн урхаллан дознахой тIехIиттабеллера цу тIеман гIирс къайлабаьккхинчу оьрна.