Кадыров: Пайхамара цкъа гIазот а кхайкхийна, юха маслаIат дира иудейшца

Нохчийчоьнан зорбан министран Умаров Джамбулатан блогерца Абдурахманов Тумсоца онлайнехь динчу къамелех вистхилла мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цунна хетарехь, хьакъйолу аргументаш ца тоьъна министрна блогерна жоп лучу заманчохь. Шен дас лелийначу некъаца галморзахаллаш ца го шена аьлла, дIахьедина Кадыровс.

"Пайхамара гIазот кхайкхийра, цул тIаьхьа иудейшца машар бира", - дIахьедо Нохчийчоьнан куьйгалхочо, шен дас гIазот кхайкхорца а дустуш.

Министран а, блогеран а онлайн-дискуссина комментари еш, Кадыровс билгалдоккху: "Ахьмад-хьаьжас джихIад стенна кхайкхийра аьлла, хаттар до. Ткъа хIунда кхайкхийра гIазот Пайхамара, тIаьхьа Мединерчу иудейшца машар а беш? Керстан нахаца а, жуьгташца а тIемаш бина Пайхамар маслаIате велира Мединехь", аьлла.

ХIора историн муьрехь кеп-кепара лардаш гучудуьйлу, къастам бан оьшуш аьлла, дуьйцу Кадыровс. "Динан Iилма долуш стаг вара Ахьмад-хьаьжа, цундела цо мел дийриг чIагIо йоллуш бух болуш хуьлура. ГIазот кхайкхийча - иза уггар хьалха волура тIаме. ГIазот юхакхайкхочу заманчохь а, тоьшаллаш даладора цо, иза оьшуш цахиларан. Бункерчохь лечкъина а ца Iаш, тIаме гIоттура иза, гIазот кхайкхийначаьрца цхьана", - дIахьедина мехкан куьйгалхочо.