Сталинна неIалт кхайкхийна жигархой дIалецна Москвахь полисхоша

"Декоммунизаци" аьллачу юкъаралхойн проектан ши жигархо дIалаьцна шинарийдийнахь Кремлна гергахь, Сталинан коша тIе зезагаш дохкуш, акци дIахьочу заманчохь. "ОВД-Инфо" хьостане дийцина дIалецначара, ткъа цхьахверг дIалоцучу хенахь "Дождь" телеканало яьккхина видео а ю. Цу тIехь гуш ду, жигархочо Сучков Евгенийс Сталинан хIолламна тIе кагдина зезаг а кхусуш, мохь тухуш: "Жоьжахатехь вага, халкъан чалтач, зударий а, бераш а дайинарг!" аьлла. Ишта шолгIа дIалаьцначу Савченко Ольгас дийцарехь, цо а ластийна хилла хIолламна тIе кагдина гводика.

Карара паспорташ дIа а даьхна, Москварчу полисхойн декъе дIабигина уьш.

  • 1953-чу шарахь Зазадоккхучу-беттан 5-чохь велла Сталин Иосиф. Коммунисташа а, КПРФ парламентан партино а хIора шарахь вовшахтухуш ю "Сталинна ши гвоздика" цIарца акци. "Дождь" телеканалан корреспонденто дийцарехь, масех бIе стаг гулвеллера хIолламна гонах шинаридийнахь.
  • ·30 шарахь гергга архиван документаш гулдечу "Мемориалан" зерашца, Сталинан репрессеш бахьана долуш 12, 5 миллион вахархочунна зен хилла Советан заманахь.
  • Лурчаха "Левада-центро" хаттам дIабаьхьира бахархошлахь, Сталинан репрессешка церан болу хьажам толлуш. 39 процент респонденташа дIахьедира, зуламаш дара Сталина лелийнарш аьлла. 4-чу декъо "политикехь хьашт хилла хIуманаш" дара уьш аьлла. Сталинан заманахь лелийна зуламаш нийса дара аьлла, баьчча бехказаваьккхина 36 проценто.