Трампа Кремлна тоьхначу санкцешна сагатдо Кадыровс

Кадыров Рамзан

Кремлна дуьхьал санкцеш дIаяхъян Iамеркан президентан Трамп Доналдан хиллачу сацамах комментари йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Telegram-каналехь, "Оьрсийчоьнна дуьхьал интернационал" кхолла дагахь ю Вашингтон аьлла, дIа а хьедеш.

"Ма-дарра аьлча, Вашингтон Оьрсийчоьнна дуьхьал интернационал кхолла гIерта, цхьайолу пачхьалкхаш шена тIеерзош, вукхарна кхерамаш туьйсуш, шантаж еш, Оьрсийчоьнехьа церан цабезам гIаттош", - яздина Кадыровс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, хIиттинчу хьелашкахь Оьрсийчоьнан халкъана чIогIа оьшу цхьаьна бертахь хилар.

Украинан чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIортарна Малхбузен пачхьалкхаша санкцеш тоьхна Кремлна.