Туркменистанерчу маьршачу кепехь латархойн клубан куьйгаллехь ву нохчо

Ирбайханов Рамазан (юккъерниг)

Байначу баттахь дуьйнна Туркменистанерчу маьршачу кепехь латархойн тобан куьйгаллехь ву олимпикан чемпион, нохчо Ирбайханов Рамазан, яздо "Грозный-информ" хьостано.

Хасав-юьртарчу латархойн школехь кхиина ву Ирбайханов. Шахин цIарца тасадаларшкахь хилла ву иза Туркойчоьнехьа а. Цигахь толам баьккхина Ирбайхановс 2008-чу шеран Олимпикан ловзаршкахь, дуьненан а, Европан а чемпион а волуш.

Истанбулерчу клубехь болх беш вара гоьваьлла спортхо хIинццалц, яздо Дагестанан латархойн Федерацино шен сайтехь.