Нохчийчохь дерзийна Титиевн гIуллакх таллар

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюбан гIуллакхан хьокъехь талламбар дирзи. Иза бехкевора наркотикаш латторна. Набахтехь яккха итт шо хан йогIу бакъонашларъярхочунна. Шина а агIоно дийцарш дийр ду тIедогIучу оршотдийнахь. Болчу хаамашца, карара бутт бовш кхело бовзуьйтур бу шен сацам.

Дахначу шеран Дечкен-баттахь лецира Титиев. Талламчийн версица, цуьнан машенах хьоьвсича, марихуана карийнера. Титиевс бехк тIе ца лоцу, наркотикаш полисхоша шена кхийсина ю бохуш, чIагIдо цо.

Изза верси ю Титиевн белхан накъостийн а. Политикан бух болуш ду аьлла, дIахьедо цара, бакъонашларъярхочунна дуьхьал айдина гIуллакх.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо масийттазза дIахьедира, республикехь бакъонашларъярхоша бечу балхана ша реза ца хиларх.