1,5 шарахь машен лелор дихкина латархочунна Емельяненко Александрна

Ставрополан кIоштахь некъан низамаш талхорна дIалаьцначу маьршачу кепехь латахочуьнгара Емельяненко Александрера машен лелоран бакъо дIаяьккхина Кисловодскерчу кхелахоша. 30 эзар сом гIуда а хьарчош, 1,5 шарна машенна урхалла дар дихкина цунна.

Маршо Радионо яздира, некъан низамаш дохийна, Кисловодскехь къайлавала гIоьртича полисхоша дIалаьцначу ийначу кепехь латархочо Емельяненко Александра кхеле дехар дина хиларх, гIуда а тохий, ша маьршаваккха аьлла. Кхелехь мукIарло дина хиллера спортхочо, къаьркъа а мелла, машена урхалла дан хиънера ша аьлла. Амма тIе ца дитира цо, ша полисхошна дуьхьало йина бохург.

ШолгIапчу дийнахь итт дей, буьйсий хан а тоьхна, чувоьллира Емельяненко, полисхойн тIедиллар кхочуш ца дина аьлла. Латархо дIалаьцначул тIаьхьа RCC-н директоро Клименко Николайс дIахьедира, Челябинскехь Стигалкъекъа-баттахь хинйолчу Russian Cagefighting Championship-ан 6-чу турнирехь дакъалоцур дац цо аьлла.

Спортхо Емельяненко Александр кхераме ву адамашна, цо ладугIуш Нохчийчоьнан куьйгалхо бен кхин цхьа а стаг вац, цундела Кадыров Рамзана дIавига веза иза Соьлж-ГIаларчу клубе, цуьнан доладан аьлла дIахьедар дина ММА-н латархочо Харитонов Сергейс.

Спортхочун адвокат Кисловодскерчу кхелахоша бинчу сацамна латкъамбан дагахь ву.