Путинан рейтинг лахъелла йогIу

Орсийчоьнан президенте Путин Владимире хиллачу тешаман рейтинг лахъелла 32 проценте. Оьрсийчуьрчу юкъараллина хетарг толлучу центро (ВЦИОМ) бинчу талламан зераш ду уьш.

Дечкен-баттахь дуьйна тергам хиллера экспертийн, президенте болчу тешаман рейтинг охьайоьдуш хиларан: хIетахь 32, 7% гойтура.

"Общественное мнение" фондан талламашца, Дечкен-баттахь Iораяьккхинчу информацица, Iедалхоша лелочунна тIаьххьарчу баттахь "оьгIазло, я резабацар" гIаттийнера 54 процент респонденташлахь.

Рейтинг охьаялар нисделла пенси боьлху хан тIетухучу юкъанна а, бахархошна тIебогIу пайда лахбала болабелча а.