Москварчу аэропорташкахь кеманаш совцийна

Москварчу аэропорташкахь юкъахъяьккина 4 рейс, дIатеттина 13 вьлла бу "Яндекс.Расписание" сервисан хаам. Домодедовохь диъ кема ца гIаттаделла тахана рейс юкъахъяьлла, иштта сацийна лаьтташ ду пхи кема.

Внуковохь а, Шереметьевохь а сацийна 8 кема. Шоьтадийнахь Москван аэропорташкахь 40 сов рейсаш дIатеттира цхьана ханна йочана бахьана долуш.

КIирандийнахь а юкъ-юкъара мехаш хьоькхуш хир бу хенан хIоттам аьлла бу Гидрометцентран хаамаш.