Раиса Ахматова. Хуур дац кхолламо хIун кечдо вайна...

Your browser doesn’t support HTML5

Ахматова Раиса. Хуур дац кхолламо хIун кечдо вайна...

Раиса Ахматова

***

Хуур дац кхолламо хIун кечдо вайна:
Забарна санна цкъа совгIат до цо.
Ткъа, юха, ахь хIинццалц гулдинарг дерриг
Лаххьадой дIадоккхий, дог дохадо.
Сан мел дерг дIаэца – эшац и суна:
Беха некъ бу хьалха – и ду сан хьал!
Амма хьоь, хIай кхоллам, ду сан цхьа дехар:
Адамийн харцонах ларъелахь со!