Яндарбиев Зеламха. Нанина

Your browser doesn’t support HTML5

Яндарбиев Зеламха. Нанина

Яндарбиев Зеламха. Нанина

Нана а дIаяха, дIаяха... яц кхин…
Цо кIентан амалийн дуьрста а яцйин,
Цо кIентан Iуьйренаш, суьйренаш макхйин,
Дог-ойла дахаран дезаршна якхйин.
Малх кхолий стигалахь, мархашла хьарчош,
Бутт леци, кхиале гIушлакхе кхача,
Дохк даржош кхетаме, бодане карчош,
Ойланийн бос бахьий, бIаьрг кхолий, лаца
ТIам боцуш, йист йоцчу тIурненен пана
ДIакарчий кхоллам а, эрначу ара –
Да воцуш хьаста,
я гIолаца воцуш
Ваша а,
догъэца йиша а йоцуш,
ТIетовжа доттагI а, езар а йоцуш,
Хьаштдоцуш мостагIчун кхардамах лардан,
ЦIийн цIергахь датта хьайн дог, аьлча санна,
Къахетарг ца карош, дисина буобер
Кху лаьттахь тахана карор дац – со бен…

2.

ХIумма а ца хилча санна, церг къежош,
БIаьрнегIар ца тухуш, хIинццалцчул сов,
Iуьйренийн, суьйренийн болар ца иэшош,
Ма атта лай ахьа, дуьне, сан чов.
Со шуьне хийшина дезарийн уьйраш,
Кханене сатийса ийинарш со –
Марздала доьллачохь, хадийна туьйра,
Чам кхета боьллачохь, дохийна пхьор.
Ма кIезга хиллера, Iехийнарш ойла,
Ма кIезга хиллера, гIиттийнарш дог…
Ган лаахь, ду хьуна – леча, тIам бойна,
МостагIчун дог Iабон – декъаза буо.
Делалахь, кхардалахь, дог доцу дуьне,
Дуьххьаран, тIаьххьаран вацахь а – со
Хилла ца хиларна хIара лан гуьнахь,
Леларна хIинццалц, хьайх Iехалуш дог.

3.

Да дIаваларх, нана мел ю – дог ду меттахь,
Нана елча – дуьне, духий, даг чу кхета.