Росгвардин буьйранча хийцавелла Къилбаседа Кавказехь

Къилбаседа Кавказан тIеман гонан Оьрсийчоьнан къоман гвардин буьйранча инарла-лейтенант Гетманов Игорь.

Къилбаседа Кавказан тIеман гонехь Оьрсийчоьнан къоман гвардин керла буьйранча хIоттийна инарла-лейтенант Гетманов Игорь. Иза вовзуьйтуш церемони хилла Пятигорскехь, хаам бо ТАСС агенталло.

Хьалха инарла вара Юккъерчу тIеман гонан Росгвардин буьйранчан когамета.

Къилбаседа Кавказан тIеман гонера Росгварди кхерамазалла латтош ю 9,5 миллион стаг вехачу федерацин 7 субъектехь.