Бепиг дазлур ду Оьрсийчохь

Бепиг карахь лаьтта Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Сибрех тIеман Iаморашкахь. Гайтаман сурт.

ХIара шо чекхдалале Оьрсийчохь 5-6 процентана дазлур ду бепиг. Цу тайпа хиндерг даладо Оьрсийчоьнан пурнхойн а, мерзачу кхачанийн говзанчийн а гилдино, яздо РИА Новости агенталло.

Коьртачу декъана дазлуш дерг ду Iаьржан а, кIайн а кIаш эдина деттина бепиг. Бепиг дазлур хиларан цхьа бахьана ду инфляци.

Оьрсийчоьнан коьртачу банко дийцарехь, 2019-чу шарахь Чиллан-баттахь ахчанан инфляци яра Оьрсийчохь 5,2 процент. Дечкен-баттахь и терахь дара 5 процент.