Facebook-о тIаьхьарчу 24 сохьтехь шен сервершна тIера дIаяьккхина цу социалан машанан пайдаэцархоша яржийна Керлачу Зеландерчу Крайстчерч гIалахь адамаш дойуш яьккхина 1,5 миллион видео. Цу сов ара ца йолуьйтуш сацийна кхин а 1,2 миллион видеокийсаг. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Twitter компанино бинчу хаамехь.
We will continue working directly with New Zealand Police as their response and investigation continues.” — Mia Garlick, Facebook New Zealand
— Facebook Newsroom (@fbnewsroom) March 15, 2019
Цу хаамца, белхахой юкъайозийна а, леррина технологи лелош а Facebook-о дIайохуш ю кхин йолу "ницкъ беш гойтуш йолу сценаш дIа а йохуш кечййина видеош а".
ТIаьххьара болчу хаамца, Зазадоккху-беттан 15-чохь Керлачу Зеландера Крайстчерч гIалахь маьждигашкахь шалха терроран тIелатар дина вийна 50 стаг. Iедалша цунна бехке веш ву 28 шо долу Австралера вахархо.