ГIалгIайчохь герзан чевнаш йина шина вахархочунна

ГIалгIайчуьрчу Сурхахехь меттигерчу 47, 40 шераш долчу шина стагна юкъахь дов иккхина, герзаш деттар нисделла, хаамбо чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Чевнаш хилла ший а республикан клиникан дарбан хIусаме валийна.

Дийцарехь, шоьтан буса иккхина юьйцу конфликт. Шина тайпан векална юкъахь хьалха дуьйнна хьогIе юкъаметтигаш хилла, яздо "Интерфаксо", шайн хьостех пайда а эцна.