Германехь вехачу нохчочо шена кхерамаш тийсина аьлла Абдурахмановс

ТховкIело еха Германи веанчу Нохчийчуьрчу вахархочо ша гIо дийр ду аьлла нохчийн парламентан спикерна Даудов Мохьмадна блогер Абдурахманов Тумсо схьалохуш. Ша блогеро бина и хаам еаридийнахь, яздо "Кавказский узел" агенталло.

Маршо Радионо ма-яздарра, кху беттан 9-чохь спикерна а, блогерна а юкъахь хиллачу ойлайн-дискуссехь, Даудовс чIир кхайкхийра Абдурахмановна, цо Кадыров Ахьмад аьшнашварна. Ткъа Инстаграмехь Даудов Мохьмада дIахьочу эфирехь Германехь вехачу цхьана мухIажиро ша гIо дийр ду аьлла парламентан спикерна блогерна бекхам барехь. "Со "цецваккха" ша Польше вогIур ву аьлла цо", - яздина Абдурахмановс.

Еаридийнахь шен YouTube-каналехь блогеро комментари йина, Бременехь бехачу нохчашка вистхуьлуш, шена кхерамаш тийсаран хьокъехь. "Оцу накъостца цхьана гIаличохь дехаш ду шу. Иштачу нахана тIехь терго латто еза аш. Шуна хаа деза, цаьргахь доллург", - аьлла Тумсос.

Ишта блогеро билгалдаьккхина, Германин Iедалша хьалххе тидам бан безаш бара, шена кхерамаш туьйсург санначу нехан аьлла. Нохчийчохь шена кхераме ду ваха аьлла, тховкIело йоьхуш ву иза, ткъа хIинца Даудовна тIехIотта кийча ву иза боху Абдурхамановс.

Цкъачунна блогеран дIахьедар тергамза дуьту Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада.