Макгрегора дIаерзийна спортан карьера

Макгрегор Конор.

Ирландерчу ММА латархочо Макгрегор Конора дIахьедар дина, спортан карьера дIаерзийна ша аьлла. Цунах лаьцна 30 шо долчу спортхочо яздина шен Twitter-чу агIонехь, хаам бо ТАСС агенталло.

Макгрегор UFC чемпионатехь абсолютан чемпион вара шина йозаллин категорехь. Шен карьерехь тIаххьара иза летира Дагестанерчу спортхочуьнца Нурмагомедов Хьабибца. Нурмагомедов туьйлира 4-чу раундехь, садукъаделлачу Макгрегора ша кхин дIа дуьхьало ян гIорасиз хилар куьйгаэшарца хаийтича.