Бехктакхаман гIуллакхаш долийна Магасехь къепедацарш лелорна

ГIалгIайчоь, Магас.

Бехктакхаман гIуллакхаш долийна ГIалгIайчоьнан коьртачу гIалахь Магасехь къепедацарш лелор хьокъехь, аьлла хаамаш баьржина социаланан машанашкахь. Иштта «Силовики" Telegram-канало сурташ зорбане даьхна бинчу сацамах лаьцна.

Талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхалло толлур ду "къепедацарш лелоре кхайкхам бар" а, "Iедалан белхахошна ницкъ бар" а хьокъехь долийна бехктакхаман гIуллакхаш.

Кхаарин 1уьйранна бакъо йоцу митинг ян гIоьртинарш дIасалаьхкира Росгвардин ницкъаша, жигара духьало еш нах а болуш.