Мохк бегийна Веданан кIоштахь

Веданан кIошт.

Мохк бегийна Нохчийчохь, 3,7 магнитуда (ницкъан гайтам) а йолуш. Цуьнах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан Iилманан академин юкъарчу гIуллакхо.

Говзанчаша дийцарехь, Iалам меттахдалар хилла пIераскан дийнахь 1 сахьт 49 минот яьлча Веданна 13 километр гергахь 10 километр кIоргенехь.

Вийна а, лазийна а стаг ву я кхин бохам хилла аьлла, хаам кхаьчна бац.