Магасехь митинг дIасаллала новкъарло йина полисхой балхара дIабаьхна ГIалгIайчохь

Магас. 26Заз2019.

ГIалгIайчохь балхара дIаваьккхина административан дозанашкахула йолчу батальонан 19 полицин белхахо. Цунах лаьцна хааам бо "МБХ-Медиа" зорбанан гIирсо, меттигерчу юристана Ахильгов Калойна тIе а тевжаш.

Цо дийцарехь, батальон дIасахецна Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь хиллачу митингана тIехIиттаррна. Ахильговс чIагIдарехь, полисхоша новкъарло йина хилла бакъо йоцуш митинг ян гIоьртина наха дIасалохкучу Росгвардин белхахошна.