Москох некъахьовзамехь вон деанчу стагана машен лур ю Кадыровн фондо

Гайтаман сурт.

Москох Можайское шоссена тIехь некъахьовзам хилла вон деанчу стагана гIо дийр ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин фондо, хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цо дийцарехь, некъабохамехь йоI а, зуда а йийна, и бахьана долуш гергара зуда а елла висинчу Роменков Романна оьцур ю керла "Нива" машен. Цул сов, цу стагана дийр ду кхечу кепара гIо а.