Дебаташ 19-хь хила еза, боху Зеленскийс

Гайтаман сурт.

Украинин президентан харжамашкахь дакъалоцучу кандидато Зеленский Владимира дIахьедар дина, карарчу хенахь президент волчу шен дуьхьалончица Порошенко Петроца дебаташ хила еза Киевехь "Олимпийский" стадионехь Оханан-беттан 19-чу дийнахь аьлла, Порошенкос дIахьедар динчу 14-хь а ца хуьлуш.

Фейсбукехь араяьллачу видео тIехь Зеленскийс доьхе шен агIончашка, 19-хь Порошенкого ша дала деза хаттарш кечдар. Ша Порошенкос 14-хь стадионе кхайкхар комментари а йоцуш дитина цо.

Украинин коьртачу харжамийн комиссино хаам бина, низамца а догIуш, стадионехь а ца еш, дебаташ хила езаш хилар 19-чу дийнахь телестудехь.

Цу кепара, кхеташ дац кандидатийн дебаташ маца хир ю.