Европан кхелан сацамаш кхочушцабарехь лидер ю Оьрсийчоь

Your browser doesn’t support HTML5

2018-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула кхело бина сацамаш кхочуш цабарехула лидер ю Оьрсийчоь. Цу пачхьалкхо кхочуш ца бина 1500 сов сацам. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Европан Кхеташонан министрийн комитетан дIахаийтарехь, яздо "Ведомости" газето. Оьрсийчоьнна тIаьхьайогIуш ю Туркойчоь (1000 сов), Украина (923), тIаккха Румыни (309).