Хьакхарчийн фермехь кхаа баттахь вацийна таджик

Your browser doesn’t support HTML5

Исмоилов Бегиджон Таджикистанера ахча даккха, аьлча а, балха вахана Оьрсийчу. Ша цо бахарехь, кхаьчна лолле: паспорт схьадаьккхина цуьнгара, мехаза вацийна кхаа баттахь, дийнахь буса 13 сахьтехь хьакхарчий лелайойтуш. ТIаьххьара ведда иза ша лаьцна кхобучуьра. ХIинца гIерта шена лур ду баьхна ахча охьадиллийта.