Нохчийчохь 26 стаг вийна некъахьовзамашкахь 2019-чу шарахь

Кху шеран хьалхарчу 3 баттахь, адамаш а дойуш, 15 некъахьовзам хилла Нохчийчохь. Цу бохамашкахь вийна 26 стаг, шайна юкъахь 1 кхиазхо а волуш.

И некъахьовзамаш хилла коьртачу декъана урхалла дечара машенаш чехка хехкар а, хьалха йоьдучу машенна хьалха бовлуш дуьхьал богIучу некъа тIе бовлар а бахьана долуш а.