Lada машенаш кхин юхкур яц Европехь

АвтоВАЗ. Гайтаман сурт.

Европехь шен машенаш кхин ца йохка сацам бина Оьрсийчоьнан АвтоВАЗ-о. Цунах лаьцна цу компанин векало хаам бина "Sputnik Германия" телекнале.

Болчу хаамца, коьрта бахьана ду Европерчу пачхьалкхашкахь экологица боьзна барамаш лакхара хилар.

ТАСС агенталло бинчу хаамца, АвтоВАЗ компани Европерчу рынке юхаян дагахь ю, экологин билламашца йоьгIуш йолу керла машен юкъа а яьккхина.

2018-чу шарахь АвтоВАЗ-о махкал арахьа йоьхкира 38 эзар машен, коьртачу декъана Казахстанехь а, Беларусехь а. 2017-чу шарахь Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашкахь йоьхкинера 6,7 эзар Lada.