Дагестанерчу олигархо медицинан сихаллин гIо кхачо машенаш елла Дербентна

Оьрсийчоьнан миллиардеро Керимов Сулеймана ша ваьхначу гIалина сихаллин гIо кхачо медицинан 6 машен а, ши реанимобиль а елла совгIатна. Дербентерчу сихаллин лоьрийн гIо кхачочу станцин дола схьаялийна машенаш. Кху заманан мел оьшу реанимацин гIирс чохь болу машенаш ю уьш.

Станцин коьртачу лоьро Мирзаханов Девлетхана билгалдаккхарца, керлачу машенаша а, Дербентан мэрин гIоьнца дIахIоттийначу керлачу сихаллин гIоьнан пункто а, таро лур ю нахана сихаллица орца кхачо.