Цигаьрка дукха узу регионаш билгалъяьхна эксперташа

Оьрсийчоьнан регионашлахь алсам цигаьрка узучех Росстато хIоттийна рейтинг Iораяьккхина "Известия" хьостан журналисташа. Билгалдаккхарца, хIора дийнахь кIур баккхар дезаш бу пачхьалкхера 22 процент бахархой, юкъ-кара узу 5, 2 проценто.

Къаьсттина дукха цигаьрка уьйзурш билгалбевлла Чукоткехь, цигахь 48 % ду терахь. ШолгIачу меттигехь дIатаръелла Магаданан кIошт- 41 процент. Го къовлу Еврейн автономин кIошто, 15 шарел тIехбевллачарлахь 36 процент ву цигахь тонка уьйзурш.

КIезиг бу цигаьрка уьйзурш Нохчийчохь - 2 процент, ГIалгIайчохь - 5 процент, Дагестанехь 9 %.