Зеленский декъалвина Кадыровс

Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана декъалвина Зеленский Владимир, Украинин президентан харжамашкахь толам баккхарца.

"Зеленский Владимиран аьтто хуьлийла лаьа Украина денъярна а, Украинин а, Оьрсийчоьнан а халкъаш цхьаьнакхетарна а тIехьажийначу дикачу гIуллакхашкахула", - яздина цо шен Telegram-каналехь.

ДIадаханчу кIиранан дийнахь, Оханан-беттан 21-хь, шолгIа мур хилла Украинин президентан харжамашкахь. Экзит-полаша гайтарехь, Зеленский тоьлла. Цо толам баккхарна къера хилла цуьнан дуьхьалонча карарчу хенахь Украинин президент волу Порошенко Петро.

Зеленский толам баккхарца декъалвина Iамеркан президенто Трамп Доналда а, Канадин премьер-министро Трюдо Джастина а.