ДIаваха, ша юхавогIур ву а аьлла. Порошенкос баркалла олу шен агIончашна

Украинан президентехьа хиллачу жигархоша хIоттийначу акцехь гулвеллера масех эзар стаг.
 

Гулбеллачарлахь бара 2014-чу шарахь "сий лардаран революцехь" жигаралла гайтина "Самооборона Майдана" тобан декъашхой а, ишта кхечу группанийн векалш а

 

Президент гучуваларе хьоьжуш бу гулбелларш.
 

Банковая олучу урамерчу шен хиллачу администрацин гIишло чуьра аравелира Порошенко Петр суьйранна 19 сахьт 15 минот яьллачу хенахь. 
 

Цуьнца цхьана гулбеллачарна дуьхьал еара хьалхара леди Порошенко Марина а.

 

Харжамашкахь шена гIо латторна баркалла а олуш, Порошенко Петрос дош делла кху шеран гурахь парламенте хинболчу харжамашкахь шен партис толам а боккхур бу, пачхьалкхан президент хилла, Банковая ураме юха а вогIур ву ша аьлла. 

 

Украинан эскар а, украинхойн мотт а ша хIаллакбойтур бац аьлла, дIахьедина Порошенкос.

 

Шен доца къамел дерза а дина, шен агIончашна тIе а вахана, царна автографаш а луш, цаьрца суьрташ дахийтира президенто.


 

Интервью луш, масех дош а аьлла, администрацин хIусам чохь къайлавелира Порошенко.


 

Юха а хье ца луш, гIишлонан балкон тIехь гучувелира иза шен хIусамненаца, кхи цкъа а маршалла хатта гулбеллачаьрга.

 

Цхьана мIаьргонехь телекамера кара а эцна, митингхой дIаязбан волавелира Порошенко.

 

Официалехь президентан декхарш охьадохкур ду Порошенко Петрос харжамаш хилла цхьа бутт баьлча, Зеленский Владимиран инаугураци хиллачул тIаьхьа.