ДаьттагIахь ши гIалгIа лаьцна нохчийн полисхоша

ГIалгIайчоьнан ДаьттагIарчу вахархочо Пидиев Мохьмада хаамбина Нохчийчоьнца долчу дозанехь дахначу кIирандийнахь меттигера ши вахархо дIа а лаьцна, Нохчийчу дIавигна аьлла.

Карладоккху, стохка Лахьан-беттан 12-чохь ГIалгIайчоьнан Iедалша дIахьедира 2015-чу шарахь дIатесна ДаьттагIа юхаденйийр ю шаьш аьлла.

СагIопшера Коригов ИбрахIим а, Белхароев Мохьмад а дIалецира кIирандийнахь ДаьттагIна герггахь "Бамут-ЦIеча Ах - Ялхоро некъ буьллучохь ха дечу ницкъаллийн белхахоша", - хаамбина Пидиев Мохьмада.

"Сан накъосташа дийцарехь, Эги-ЧIожа экскурси вахана хилла и шиъ суьрташ дохуш, видео а йоккхуш. ЮхавогIучу заманчохь ДаьттагIна герггахь полисхоша лаьцна, вигина и шиъ", - яздина цо шен Фнйсбукерчу агIон тIехь. Буьйса юкъал тIехъяьллачул а тIаьхьа, Пидиевн пост дIаяьккхина ю, яздо "Кавказский узел" агенталло.

Фейсбукехь Пидиевс бинчу хааман скриншот

"Фортанга.ORG" хьостано шен Инстаграмерчу агIон тIехь зорбане яьккхина Пидиевн постан скриншот.

"ДаьттагIахь лаьцна Коригов а, Белхароев а Нохчийчохь хаавелла. И шиъ Сунжа кIоштан полисхойн декъе вуьгуш ву. ХIара хаам бакъ бух тIехь бу", - аьлла, яздинера Пидиевс.

Хаам Iорабаьккхинчу "Кавказский узел" агенталлан аьтто ца баьлла цкъачунна, информаци тIечIагIъян а, ГIалгIайчуьра ши вахархо стенгахь латтош ву хаа а.

ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а чоьхьарчу гIуллакхийн министраллийн сайташ тIехь цунах бина хаам бац.