Last.fm сервсисан сайтехь Муцураевн илли хиларна дIакъевлина агIо

Нохчийн бард Муцураев Тимур

Музыкалан Last.fm сервсисан сайтна доза тоьхна Роскомнадзоро. "Антизапрет.инфо" мониторинган порталан хаамца, байначу беттан 17-чохь дуьйна къевлина ю церан нохчийн бардан Муцураев Тимуран "Рай под тенью сабель" илли тIехь долу агIо. 2015-чу шарахь дуьйна кхело экстремистийн лерина ду билгалдаьккхина илли.

Нохчийн гоьваьлла бард ву Муцураев Тимур. Цуьнан дукхахдолу иллеш динах а, Нохчийчохь хиллачу тIамех лаьцна а ду.

Экстремистийн материалаш леринчу реестрехь ду цуьнан "Держись, Россия, мы идем", "Оппозиционер", "Иерусалим", "Вставай, Чечня, пора в поход" а, "Звучит Коран, ему внимают нахи" цIераш йолу иллеш а.

"ВКонтактерчу" аккаунташкахь бардан иллеш зорбане дахарна масийттазза гIуданаш диттира Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу гIаланашкарчу кегийрхошна.

"Медузас" яздира, "Муцураевн нохчийн тIемалоша а, оьрсийн салтиша а ладоьгIна иллеш Нохчийчохь хиллачу тIеман уггар а коьртачех културан феномен хилла диссина" аьлла.