Флоридехь охьадоьсинчул тIаьхьа хи чу дахна пассажирийн кема

Пассажираш дIасалело Boeing 737-800 кема Сент-Джонс олучу хи чу доьжна, Флоридерчу Джэксонвилл гIаларчу тIеман базехь охьадусучу заманчохь. Куберчу Гуантанамо тIеман- хIордан базера чартеран рейс еш хилла Miami Air International авиакомпанин борт.

136 пассажир а, экипажах 7 стаг а хилла салон чохь. Царех 21 стаг дарбан цIийне вигина, хаамбина меттигерчу шерифан офисо. Чолхе чевнаш ца йина цхьанна а.

Сурташ тIехь гуш ду хинан гомхалла йолчу меттигехь доьжна "Боинг".