Шемахь йолчу кхаа зудчун дуьхьал таллам болийна ГIалгIайчохь

Шема. Гайтаман сурт.

Талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхалло бехктакхаман гIуллакхаш долийна Шемахь йолчу цу республикерчу 19 а, 22 а, 27 а шераш долчу кхаа яхархочун дуьхьал.

Талламхойн версица, 2014-чу шеран Лахьанан-баттахь дуьйна 2015-чу шеран Стигалкъекъа-батте кхаччалц йолчу хена чохь и кхоъ Шема дIаяхана, терроран тобанаш лелочунна юкъахь дакъалаца.

ТIемалошца ехаш цу кхаа зудчо гIо дина царна, царах дIакъаста а ца гIоьртина уьш.

Болчу хаамца, цу кхаа зудчун дуьхьал тоьшаллаш гулдина Федералан кхерамазаллин сервисан ГIалгIайчуьрчу урхаллан белхахоша. Карарчу хенахь талламхой бу гулдина тоьшаллаш толлуш.