Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамазаллин сервисан белхахоша левина ПIангазара вахархо Мачаликашвили Малхаз. Iедалш шеко йолуш ду иза терроран тIелатар дан дагахь хилла аьлла.
Талламхойн хаттаршна жоьпаш а делла араваьллачу Мачаликашвилис элира журналисташка, ша хьул а ца деш шега деллачу хаттаршна бакъдолу жоьпаш делира аьлла. Ша кхин цкъа а тIекхойкхур ву аьлла ца хета цунна, амма цуьнан гIуллакх дIалур ду кхеле.
Шен сагатдийриг ду, Iедалша шайна тIелаца дезаш хилар шен кIант Темирлан, бехк а боцуш вийна хилар, бохуш вара Мачаликашвили.
Хьалхо "Маршо Радионо" хаам бина ма хиллара, дIадаханчу шинарин дийнахь Гуьржийчоьнан Пачхьалкхан кхерамазаллин сервисо дIахьедар дира, Земо Мачхаани эвлахь долчу кешнашкахь теракт а йина, Мачаликашвили дагахь хиллера шен ден кошан тIехIотта веана Гуьржийчоьнан кхерамазаллан сервисан куьйгалхочун хьалхара когаметта хилла Гогашвили Иосиф а, цуьнан накъостий а байа аьлла.
Мачаликашвилин кIант Темирлан вийра ПIаьнгазахь полицин операци дIахьош болчу гуьржийн ницкъаллин структурийн белхахоша 2017-чу шарахь.