Нохчийчуьрчу заводера 13 миллион сом схьадоьху «Донмаслопродукто»

Гайтаман сурт.

Нохчийчуьрчу заводера 13 миллион сом схьадоьхуш арбитражан кхеле яьлла Ростохара «Донмаслопродукт» компани, яздо «RostovGazeta» зорбанан гIирсо. И гIуллакх къастор ду суьдхоша кхушара Мангалан-беттан 4-хь.

Ростохан кIоштарчу Веселый эвлахь йолу «Донмаслопродукт» комплекс ю маьлхан хӀуш тIеоьцуш а, царах даьтта доккхуш а, кхин дерг деш а. Ткъа цуьнан даьттанца оьшуш болу болх беш йолу завод ю Ростохахь. Соьлж-ГIаларчу «Первый Хлебозавод» бепиг дон заводана 2015-чу шарахь юхалург ахча делла хилла цо 8,5 миллион сом барамехь. Иза шен хеннахь юха а ца дерзийна, и ахча лелориг проценташ 4,1 млн сом) а ца елла Нохчийчуьрчу заводо. Хан тIехяьлча тоьхна 765 эзар сом гIуда а цхьана, дерриг а «Первый Хлебозаводо» дIадала дезаш ду 13 сов миллион сом.

Болчу хаамца, 2017-чу шарахь «Донмаслопродуктана» хилла пайда бу 1 миллиард сом.

«Первый Хлебозавод» олу компани регистраци йина ю Соьлж-ГIалахь. Цо коьртачу декъана бепиг а, ткъа иштта демах мерза кхача а бо. 2017-чу шарахь заводо даьккхинчу ахчанан барам бу 1 миллион 800 эзар сом, ткъа зен хилла цунна 20 миллион 700 эзар сом.