ДаIишна байIат дина аьлла, меттигера вахархо лаьцна Ставрополехь

Бехкзуламан гIуллакх диллина Ставрополан кIоштахь меттигерчу вахархочунна дуьхьал, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна байIат дарна. "Интерфакс" агенталло бина и хаам, регионерчу ФСБ-н урхаллан информацех пайда а эцна.

Агенталлаца къамел динчо дийцарехь, Ставрополан кIоштахь теракташ дан Iалашо хилла лаьцначун. "Кавказ.Реалии" портало яздира, Зазадоккху-баттахь Ставрополехь даIишхойн агIонча ву аьлла, Волгоградан кIоштара схьаваьлла ши тIемало верах.

Террорна дуьхьало латточу къоман комитето чIагIдарца, субъектехь теракташ дан план хилла цу зуламхойн а.