Моздокехь 7 шо долу кIант лазийна самукъадоккхучу центрехь

Къилбаседа ХIирийчуьрчу Моздокехь берийн самукъадоккхучу центрехь коьртана еза чов йина 7 шо долчу кIантана. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказ.Реалиино", меттигерчу полицин белхахошна тIе а тевжаш.

"Лунтик" цIенна чохь ловзуш, туьта а йохош, коьртах хIума кхетта берана. Полицино толлуш ду хилларг. Цкъачунна болчу хаамца, кIант лазийна ларамаза.