Тухуговна а, Нурмагомедовна а дина таIзар малдина Невадерчу атлетикан комиссино

Нурмагомедов Хьабиб а, Тухугов Зубайр (аьтту агIорхьара) а.

Iамеркерчу Невада штатан атлетикан комиссино хийцина UFC латархошна Тухугов Зубайрна а, Нурмагомедов Абубакарна а дисквалификаци яр хьокъехь ша бина сацам. Царна UFC чемпионатехь латар доьхкуш кхайкхийна хан яцйина комиссин декъашхоша 35 денна.

UFC чемпионо Нурмагомедов Хьабиба комментари йина цу сацамна Инстаграмехь. "Тхо кийча а ду, тхо тIелеташ а ду, Инша АллахI", - яздина цо шен агIонехь.

Невадерчу комиссин сацамо бакъо ло Тухуговна а, Нурмагомедовна а кхушара Гезгмашин-баттахь Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн коьртачу гIалахь Абу-Дабехь хир йолчу UFC 242 турнирехь дакъалаца.

Цу турнирехь шен рогIера латар дIахьур ду Нурмагомедов Хьабиба а.