Узбекистанан президентан Мирзияев Шавкатан невцаршца цхьана даьккхина сурт зорбане даьккхина Инстаграмерчу шен пена тIехь UFC-н чемпионо Нурмагомедов Хьабиба. КIирандийнахь хIоттийначу постехь гоьваьллачу спортхочо баркалла аьлла хIусамдайшна, шена хьошалла дарна.
"Баркалла шуна, Вежарий @oybek.b.tursunov @otabek_muhammadalievich, оццул веза со тIеэцарна. Ташкентехь шийло ю, амма ифтарна кечдинчу довхачу Самаркандан дугано вохво", - яздина Нурмагомедовс.
Дагестанера схьаваьлла Нурагомедов Хьабиб – UFC-н чемпион ву. Шен спортан карьерехь цкъа а эшна вац иза. Дуккха а фанаташ бу цуьнан Узбекистанехь.