Брюсселан Iедалша Оьрсийчоьне дIавелла даIишхо

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан могIаршкахь хилла ву аьлла, терроризмна бехкевина, лоьхуш хилла Ахмадов Имампаша кхаарин Iуьйранна Москва кхачийна. Оьрсийчоьнан дехарца экстрадици йина цунна Брюсселан Iедалша. Дагестанера схьаваьлла ву 32 шо долу Ахмадов. 2014-чу шарахь Шема дIавахна даIишхойх дIакхеттера иза. Цул тIаьхьа цхьан хан яьлча Бельги юхавеанера. Стохка дIалецира иза Белгин къайлахчу сервисаша Оьрсийчоьнан дехарца, ткъа цаьрга дIавала сацам кху деношкахь хилла.

Ишта къаьстина, Ахмадов лехамашкахь волчу юкъанна 2016-чу шарахь Москвахь ехачу цуьнан юьртахочо кхеле веллера иза, шахьарера хIусам къевсина.